Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а. Хьо чІогІа хаза яра хьайн дашочу а, даточу а хІуманашца, дуткъачу кІадих а, чилланан кІадих а, тир яьккхинчу кІадих а йинчу бедаршца. Хьан даар уггар а дикачух дара – уггар а дикачу демах дина бепиг а, моз а, даьтта а. Хьо чІогІа хазъелла дІахІоьттинера, зуда-паччахьах тар а елла. Цо цІена а, лепаш долчу а дуткъачу кІадинан коч тІеюьйхина». (Ткъа и дуткъа кІади – Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гІуллакхаш бохург ду.)
Выбор основного перевода