Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эмкалш хи мелла евлча, цо Ребикхина ах шекхал йолу, мерах юллу дашо чІуг а, куьйгех буллу йозаллина итт шекхал болу дашо ши хІоз а белира. Ас цуьнга хаьттира: „Хьо хьенан ю?“ Цо жоп делира: „Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоІ ю со“. ТІаккха ас цунна мерах чІуг а оьллира, пхьаьрсаш тІе ши хІоз а боьллира. хІунда аьлча иза исбаьхьа таж ду хьан коьртана, хьан коча охка хаза туьтеш а ду. Иза дина а ца Іаш, цара кхечу мехкашкара баьхкинчу нахана тІаьхьа шайн геланчаш бохуьйтура. Уьш схьабаьхкича, хьо, хьайн юьхь а юьлий, бІаьргашна басар а хьокхий, хьайна тІе жовхІарш а духий, дІахІуттура. Хьан цІенна чуьра хезаш хуьлура тойне гулъеллачу тобанан гІовгІа. Оцу тойне схьабалабора яьссачу аренгара мелла болу нах. Цара зударшна хаза хІазарш а, исбаьхьа таьжнаш а лора.
Выбор основного перевода