Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна тІе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кІелхьарваккхахьа со». ТІаккха Ахьаза Везачу Элан цІа чохь а, паччахьан цІийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгІатна дахьийтира. Ашурхойн паччахьо ладуьйгІира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тІом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гІала дІакхалхийтира, ткъа Рицан вийра. Цул тІаьхьа Ахьаз-паччахь Дамасакхе Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна дуьхьалвахара. Ахьазана Дамасакхехь лаьтташ болу сагІа доккху кхерч гира. Цо оцу сагІа доккхучу кхерчан жима кеп а яйтина, иза дІа муха хІотто беза дуьйцуш долу кехат а яздина, уьш динан дега УръяхІуга дІадахьийтира. ТІаккха динан дас УръяхІус шега Дамасакхера Ахьаз-паччахьо схьабаийтинчу кепехь сагІа доккху кхерч бира. Ахьаз-паччахь Дамасакхера юхаверзале динан дас УръяхІус и кхерч бина дІахІоттийра. Паччахьна, ша Дамасакхера цІа веача, и сагІа доккху кхерч гира. Цо, кхерчана тІе а вахана, цу тІехь сагІа даьккхира. Дийнаташ дагоран сагІа а, кІен сагІа а, чагІаран сагІа а даьккхира цо цу кхерчана тІехь. Бертан сагІа а доккхуш, кхерчан агІонаш тІе цІийн цинцаш туьйхира паччахьо. Керлачу кхерчана а, Везачу Элан цІенна а юкъахь Везачу Элана дІакъастийна цІестан кхерч бара лаьтташ. Амма Ахьаз-паччахьо, и кхерч, схьа а эцна, шен керлачу кхерчана къилбаседехьа агІор охьабиллира. Динан дега УръяхІуга, омра а деш, Ахьаз-паччахьо элира: «Оцу боккхачу кхерчана тІехь Іуьйренан дийнаташ дагоран сагІа а, суьйренан кІен сагІа а даккха. Иштта цу тІехь паччахьан а, кху махкара массо а адамийн а дийнаташ дагоран сагІанаш а, кІен сагІанаш а, адамийн чагІаран сагІанаш а даха. Муьлхха а дагоран сагІа доккхуш даьлла цІий а, муьлхха а сагІина дахьаш долчу дийнатийн цІийн цинцаш а тІетоха оцу кхерчана тІе. Ткъа цІестан кхерч пал туьйсуш лелор бу аса». Ахьаз-паччахьо омра ма-дарра, дерриге а кхочушдира динан дас УръяхІус. Ахьаз-паччахьо чкъургаш тІехь йолчу кІелхІотторгашна тІера деакІов пенаш а, еш а дІадехира. Иштта боккха цІестан яй а дІабаьккхира, цІестан стерчашна тІера иза тІулган цІенкъа охьа а буьллуш. Везачу Элан цІийнан кертахь шоьтан дийнахь дІахІуттучу гуламна лерина йина тхевнан кІело а дІаяьккхира Ахьаза. Иштта паччахьан арахула Везачу Элан цІа чу вогІийла а дІаяьккхира. Иза Ашур-мехкан паччахьан дуьхьа дира Ахьаза. Шена тІехь толам баьккхинчу Дамасакхерачу деланашна лерина сагІанаш дохура Ахьаза, хІунда аьлча цо ойла йира: «Арамхойн паччахьийн деланаша царна гІо дина хилча, аса а дохур ду царна сагІанаш, цаьрга сайна гІо дайтархьама», – аьлла. Амма и деланаш Ахьазана а, дерриг а Исраилан халкъана а эшамна хилира. Мисар-махка а даьхкина, Нил чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? Ашур-махка а даьхкина, Эпрат чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? ХІунда лела хьо хьайн некъаш хуьйцуш? Мисар-махкаца барт а беш, хьо юьхьІаьржачу хІуттур ду, Ашур-махко ма-хІоттора. Иза ашурхошца – мехкадайшца а, меттиган куьйгалхошца а, хаза духарш дуьйхина болчу тІемалошца а, говза дошлошца а – лела марзъелира. Уьш берриш а тоьлла къонахой бара.
Выбор основного перевода