Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма цара ла ца дуьйгІира Цуьнга. Маннаша харц некъа тІе бехира уьш: Везачу Эло, исраилхошна хьалхара дІа а даьхна, хІаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламаш леладора цара. Ур-атталла кхечу къаьмнел а, гонах мел долчу халкъел а Ярушалайман бахархой Сан тІедехкинаршна, Сан парзашна а дуьхьалбевллера. Сан тІедехкинарш цара дІатеттира, ткъа Сан парзаш лар ца дора цара». Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Кхечу къаьмнел а чІогІа аьрха хиларна а, Сан парзаш лар ца дарна а, Сан тІедехкинарш кхочуш ца дарна а, ур-атталла шуна гонах долчу халкъаша тІелаьцна бакъонаш лар ца ярна а,
Выбор основного перевода