Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху: «ЧІоггІа мохь хьакха, сеца ма сеца. Хьайн аз айде, коьман маІах тардеш. Сан халкъана цуьнан зуламаш а, Якъубан тІаьхьенна цуьнан къинош а дІахаийта. Цо соьга элира: «Чоьхьа а валий, адамаша кхузахь деш долчу вочу а, дегазчу а хІуманашка хьажа». Чу а ваьлла, гонах дІасахьаьжча, суна гира массанхьа а пенаш тІехь дехкина текхаргийн а, дегазчу дийнатийн а, исраилхоша Іамал еш мел болчу цІуйн а суьрташ. Цу суьрташна хьалха лаьтташ вара Исраилан халкъан кхузткъе итт къано, ткъа царна юкъахь Шапанин кІант Яъзан-ЯхІу а вара. ХІораннан а карахь хаза хьожа йогІу хІума чохь ягош йолу ной а яра. Цу нойш чуьра хьалаоьхуш сегІазах йогІу хаза хьожа яра. ТІаккха Цо элира: «Адаман кІант, гой хьуна Исраилан халкъан къаноша боданехь, шайн-шайн цІушна лерина йолчу меттехь, дийриг? Цара хІораммо а ша-шега боху: „Тхо Везачу Элана гуш дац, Веза Эла хІокху махка тІера дІавахана“». Цул тІаьхьа Везачу Эло элира: «Хьуна гур ду цу наха кхин а дегаза хІуманаш лелош». Цо со Везачу Элан цІийнан къилбаседехьа долчу кевнан неІаре валийра. Цигахь суна харцдалла Тамузана тийжаш Іаш болу зударий гира. Цо соьга элира: «ХІара хІума гой хьуна, адаман кІант? Вало Соьца, кхин а ирча гІуллакхаш а гур ду хьуна». ТІаккха Цо со Везачу Элан цІийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеІаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цІийнан лабанний, сагІа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цІенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дІайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара. Цо соьга элира: «Адаман кІант, гуш дуй хьуна хІара? Шаьш кхузахь мел деш долу дегаза хІуманаш ЯхІудан халкъана кІезиг хета те? Цул сов, цара хІара мохк гІелонех бузу, хаддаза Со оьгІаза а оьхуьйтуш. Хьажал, цара Сан мерана тІе гаьннаш уьйу! Царна тІехь кхел йийр ю ахь? Уьш бехке бе, адаман кІант! Царна дагадаийта церан дайша лелийна мел долчу дегазчу хІуманех лаций. «Адаман кІант! Цунна кхел йийр юй те ахь? Хьуна лаьий те цІий Іанийначу Ярушалайм-гІалина кхел ян? Цо мел лелийна вониг цунна дІагайта.
Выбор основного перевода