Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
УхІулибатан Суна тешаме цахилар кхин а генадаьллера. Шена пенаш тІехь басаршца дехкина цІен духар дуьйхина хашадхойн божарийн суьрташ гича, цо шен нахаца лелар кхин а алсамдаьккхира. Хашадхоша гІодаюккъехь доьхкарш леладора, церан кортош тІе техкина хаза чалбанаш яра. Уьш берриш а, тІехьаьжча, лакхарчу даржехь болчу тІеман хьаькамех тера бара, Хашад-махкахь бина болчу бавелхойн элех тера а болуш. УхІулибат цаьрца, цкъа дІахьожжушехь, массаьрца а лела марзъелла. Цо бавелхой болчу шен геланчаш бахийтира. Ткъа уьш, схьа а баьхкина, УхІулибатан меттахь цуьнца дІабийшира. Шайн боьха леларца цара иза Далла хьалха бехйира. Иштта ша бехйича, иза шен безаргех, дог а даьлла, дІайирзира.
Выбор основного перевода