Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло хІара боху шен халкъе: «ХІумма а йоцучу хІуманах доьхкина а дара шу, мах а ца луш, оьцур ду шу». хІора майданна тІехь ахьа хьайна кхахьпаллин цІа а до, цІушна Іамал ян меттиг а кечйо. ХІора некъ болалучохь а кечйина ахьа и меттигаш, хьайн хазаллин сий а дойуш. И хазалла ахьа, хІора тІех мел волу боьрша стаг хьайга схьаверзо гІерташ, хІаллакйора, хьайн боьха лелар сов а доккхуш. Бакъду, Эпрайма дуккха а къинах долу сагІа доккху меттигаш кечйина, амма уьш цунна къа латоран меттигаш хилла дІахІиттина.
Выбор основного перевода