Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Сайн коьжалгана кІелхула лоьлуьйтур ду Аса шу, иштта Сайца бинчу бертан декхарш кхочуш а дойтур ду. Цигахь шуна дагадогІур ду Суна хьалха шаьш бехдеш долу шайн лелар а, шаьш мел лелийна хІуманаш а. Шун дог дер ду шаьш мел дина вонаш бахьана долуш. Ва Исраилан халкъ, хьан вочу некъашка а, гамдинчу гІуллакхашка а ца хьожуш, ткъа Сайн цІеран дуьхьа Аса хьо лелийча, хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла». Иштта элира Хьалдолчу Эло. Гуттаренна а Сайна тІеерзор ю Аса хьо. Нийсо а, бакъдерг а, хедар боцу безам а, къинхетам а баларца Сайна ерзор ю Аса хьо. Сайна тешаме хиларца тІеерзор Аса хьо, Веза Эла волу Со тІаккха къобалвийр ву ахь. Ткъа хІинца шу Делан бераш хилар гойтуш, Дала Шен КІентан Са даийтина шун дегнаш чу, массо а Іийсах тешаш болчеран санна. Цу Сино Деле кхойкху: «Дада, Сан Да!» – бохуш.
Выбор основного перевода