Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Мохь хьекха, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетаран цІогІа тоха, мохь хьекха, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хІунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул», – боху Везачу Эло. Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тІебогІуш бу. Хьан кІентий генара схьабогІуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш. ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тІаьхьенца а, ЯхІудан тІаьхьенца а керла барт бен долу. Хьан йоккхаха йолу йиша – Шамран-гІала ю, хьуна къилбаседехьа шен зудаберашца ехаш йолу. Хьан жимаха йолу йиша, хьуна къилбехьа шен зудаберашца ехаш йолу, Седам-гІала ю. Цигахь шуна дагадогІур ду Суна хьалха шаьш бехдеш долу шайн лелар а, шаьш мел лелийна хІуманаш а. Шун дог дер ду шаьш мел дина вонаш бахьана долуш. ТІаккха дагадогІур ду шуна шаьш дІакхехьна долу вон некъаш а, шаьш дина долу вонаш а. Цул тІаьхьа шаьш шайх дог дер ду шун шаьш летийна къинош а, дегаза гІуллакхаш а бахьана долуш.
Выбор основного перевода