Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас иза схьалаца бой тосур ю, иза цу чу а эккхор ву. Ас иза Бавеле схьавалор ву, циггахь цунна таІзар а дийр ду, иза Суна тешаме цахиларна. Аса цхьана а ден долахь йоцчу яьссачу аренга схьагулдийр ду шу, юьхь-дуьхьал а хІиттийна, шуна кхел йийр ю Аса. Ас кхел йийр ю шуна, шун дайшна мисархойн яьссачу аренгахь ма-ярра». Иштта боху Хьалдолчу Эло. ЛадогІа, лаьмнаш, Везачу Элан гІуллакхе! Лаьттан онда бух, ахьа а ладогІа! ХІунда аьлча Везачу Элан цхьа къовсам бу Шен халкъаца. Цо Исраилан халкъе бехк боккху.
Выбор основного перевода