Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тамара, шен коьрта тІе чимаш а тесна, шена тІехь йолу еха бедарш этІа а йина, коьрта тІе ши куьг а диллина, тийжаш йогІуш яра. ЦІадукъ-ЯхІу цо Бавеле дІавуьгур ву. Иза цигахь Іийр ву, Иза цигахь Іийр ву, Аса цунна дан леринарг кхочушдаллалц, – иштта боху Везачу Эло. – Нагахь аша хашадхошца тІом бахь, шу царал тоьлур дац“». «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тІе ваийтинчу ЯхІуд-мехкан паччахье иштта дІаала: „Хьуна гІоьнна арадаьлла долу пирІунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду. Ткъа хашадхой, Ярушалайме юха а бирзина, хІокху гІалина дуьхьал кхин цкъа а тІом беш дІахІуьттур бу. Схьа а яьккхина, иза цІергахь ягор ю цара“. Иштта боху Везачу Эло: „Шаьш-шайга Іеха ма лолаш, хашадхой шаьш долчуьра дІагІур бу бохуш, хІунда аьлча уьш дІагІур бац. Аша шайна дуьхьал тІом беш долу хашадхойн эскар дерриг а хІаллакдахь а, царах чевнаш хилла тІемалой бен шайн четаршкахь бисина ца хилахь а, цара, хьала а гІевттина, шайн четаршна чуьра ара а бевлла, хІара гІала цІарца ягор яра“».
Выбор основного перевода