Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу гІуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дІалохкучу халкъаша цу хІуманашца шаьш бехдина. Ур-атталла уьш тІехь Іаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таІзар до оцу лаьттана, цо шена тІера и нах дІаІеттор бу. Латта гуттаренна а дохка мегар дац, хІунда аьлча иза Сан ду. Шу Сан латта лело шайна бакъо еллачу хийрачу махкарчу нахах тера ду. Юха а бирзина, Паран-яьссачу арахь йолчу Кхадеш йолчу меттехь Мусана а, АхІаронна а, дерриге а Исраилан халкъана а тІебаьхкира уьш. Цара шайна гинчух лаьцна жамІ а дира, шаьш цу махкара схьабеана стоьмаш а гайтира. «Ас тахана шайна деш долу весеташ леррина кхочушделаш, шаьш дийна хилархьама а, дебийтархьама а, дІа а дахана, шун дайшка Везачу Дала, ваІда а деш, лур ду аьлла долу и латта шайн дола даккхархьама а. Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тІе дІадуьгуш ду. Оцу лаьтта тІехь татолаш, Іемаш а, шовданаш а ду, тогІешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу. Оцу лаьтта тІехь кІа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду. Оцу лаьтта тІехь цхьа а эшам ца хаалуш, аша шайн бепиг а дуур ду, цхьана а хІуманна тІехь эшаме а хир дац шу. Оцу лаьттарчу тархаш чохь эчиг ду, ткъа оцу лаьттан лаьмнаш чуьра аша цІаста доккхур ду. Ткъа шаьш йиина а девлла, дуьзча, Цо шуна делла долчу токхечу лаьттана шайн Везачу Далла хастам белаш». Шайн сагІа доккхучу гунашца Иза оьгІазъоьхуьйтура, шайн цІушца Цуьнан эмгаралла меттахйохура. Цара бехк боцу цІий Іанадора, шайн кІентийн а, йоІарийн а цІий, уьш канаІанхойн цІушна сагІина дІа а луш. Церан цІий бахьана долуш латта бехдира цара.
Выбор основного перевода