Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІа а дигна, Хьайн цІенна хаьржинчу метте охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла, Хьайна хІусам Ахь йинчу метте, Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦІийне! Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара, халкъаш дІа а лаьхкина, и таьлланг дІаюьйгІира Ахьа. Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса, Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли. Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра хьийкъинчу лам тІехь. Бешара латта а аьхкина, тІулгаш дІа а даьхна, тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгІира Цо цига. Цул тІаьхьа беша юккъехь бІов а йира, муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира. Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Іийра Иза, амма цо муьста кемсаш бен ца елира. Ткъа хІинца оцу кемсийн бешан Олахочо боху: «Ярушалайман бахархой а, ЯхІуд-мехкан адамаш а, Суна а, Сан кемсийн бешана а юкъахь долу гІуллакх къастадейша. Айса динчул сов Аса Сайн кемсийн бешана дан дисинарг кхин хІун дара? Со дикачу кемсашка сатуьйсуш Іаш хилча, муьста кемсаш хІунда елла цо? «ЛадогІалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Іуналлина бІов а хІоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цІера ваьлла хилла иза. Іийса юха а хьекъале дустаршца хьехамаш бан волавелира халкъана: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла, гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Іуналлина бІов а хІоттийна. Уьш лело белхалой а лаьцна, цІера ваьлла хилла иза.
Выбор основного перевода