Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со халкъан баьччанаш болчу гІур ву. Царна хууш хила деза Везачу Элан некъаш а, шайна Дала тІедиллинарг а“. Амма цара массара а Цуьнан дукъ шайна тІера дІадаьккхина, шайн Цуьнца йолу массо а зІенаш а хедийна. „ЛадогІа, Іовдал, кхетам боцу къам. Шун бІаьргаш ду, амма шуна хІумма а ца го, шун лергаш ду, амма шуна хІумма а ца хеза. Вайн Іуйшкахь кхетам кІезиг бу – уьш Везачу Элах дага ца бовлу. Цундела царна тІера беркат дІадирзина, церан массо а жа дІасадаьржина. Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дІалечкъийла а! Хьо волчу догІур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьІІера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Іамал еш а хилла. Амма цу цІуша царна цхьа а тайпана гІо ца дина. Шамранан пайхамаршна юкъахь иштта дегаза хІума гина Суна: цара БаІалан цІарах хаамаш бо. Сан Исраилан халкъ ледеш ду цара. Церан багахь билггал бакъболу хьехамаш бара, харцдерг ца долура церан матта тІера. Уьш Соьца машарца а, догцІеналлица а лелара. Дукха адамаш къинош леточуьра совцийра цара. ХІунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела. Кхетам боцучарна хьехамаш бо ахь, берийн хьехархо а хьо ву, хІунда аьлча товрат-хьехамашкахь билггал бакъдерг хааран кеп хьуна дІахІоьттира. Кхечарна хьехамаш беш волчу ахьа хьо Іамавой те? ХІума ма лачкъае а бохуш, ткъа айхьа лечкъайой те ахьа?
Выбор основного перевода