Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаьххьара а Іамминхой, Йорданал дехьа а бевлла, тІамца ЯхІудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а халкъашна тІегІоьртира. Дуккха а зенаш дира Іамминхоша Исраилан халкъана. Везачу Эле гІо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кІентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаІал санна долчу харцделанашна Іамал еш дара тхо», – бохура цара. Ткъа хьо хьайл хьалха хиллачу массо а паччахьел а сов зуламаш деш хили. Со оьгІаз а вохуьйтуш, лалийначу хІуманах цІуш а бина, хьайна кхин деланаш дІахІиттийна ахь, ткъа Со-м кхоччуш дІатеттина ахь. Веза Эла! Халачу муьрехь Хьан халкъо Хьо лоьхура, Хьан таІзар ша ловш тийна доІанаш дора цо. Цхьана а тайпана эхь ца хетарца цо бехбира и мохк, тІулгах а, дечигах а бинчу цІушца лелаш. Малхбалехьарчу мохо санна, дІасадаржор ду Аса и халкъ цуьнан мостагІашна хьалха. Царна бохам тІекхаьчначу дийнахь, Сайн юьхь ца гойтуш, букъ берзор бу Аса царна». Ливанунерчу дечигах йинчу гІалахь вехаш волу хьо, баганан диттан дечигах динчу цІеношкахь Іаш волу хьо, ма узарш дийр ду ахь, хьайна бохам тІебеача, берах хьийзо зудчун лазарш санна хир бу иза!» «Сан халкъ дагадуьйлу шен дечиган цІунах, ткъа гІожаца пал а туьйсуш, цунна жоп ло. Цатешаме хиларан сино уьш тилийна. Кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, Делах дІабирзина уьш.
Выбор основного перевода