Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу, леш а хилла, ца дитархьама, Мисар-махкара арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Шуна тІехь хилла лоллин дукъ а кагдина, кхечу къаьмнашна муьтІахь хиллачуьра Аса шу паргІатдехира». Аша дІалохкуш долчу халкъаша шайн деланашна Іамал еш йолу ерриге а меттигаш – лекхачу лаьмнаш тІера, баьрзнаш тІера, муьлххачу а дІасадаьржина гаьннаш долчу диттана кІелара – йохаяй дІаяха. Цара боху: «Хедийна, дІадохур вай ваьшна тІера церан буржалш, церан олаллех паргІатдевр вай!» Тохара Везачу Элана тешаме хилла йолу гІала хІинца, кхечу деланашна Іамал а еш, кхахьпанах тар ма елла! Тохара бакъдерг лелорах юьзна яра иза, нийсо цунна чохь Іаш яра, амма хІинца цигахь адамаш дойурш бен бац! Нежнашна юкъахь а, хІора луьстачу дитта кІелахь а цІушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кІелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу. Лекхачу а, хьалабаьккхинчу а лам тІе хІоттабо ахь хьайн маьнга, цига хьалайолу хьо сагІа даккха. Исраилан халкъ, хьайн когашка мачаш ма йохаяйта, хьайн къамкъаргана хьогалла ма гайта, кхечу деланашна тІаьхьа а уьдуш. Амма ахьа элира: „Са ма тийса! Суна кхечу къаьмнийн деланаш беза, со царна тІаьхьа лелар ду“». Ерзинчу лакхенашка хьала а хьажий, схьаалахьа, Исраилан халкъ, хьо хьарам мичахь ца лелла? Хьайн безаргашка хьоьжуш, некъан йистехь Іийна хьо, Іаьрбихо яьссачу аренгахь некъахошна тІелата дагахь ма-Іарра. ХІара латта бехдина ахьа хьайн хьарам леларца а, мекарлонца а. Юши-ЯхІу паччахь волчу хенахь Веза Эла соьга вистхилира. Цо соьга элира: «Ярми-ЯхІу, хьуна гирий „Тешнабехк“ олуш долчу Исраилан халкъо лелийнарг? Цуьнан тешаме цахилар хьуна гирий? Иза суна хьарам хилла хІора лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу дитта кІелахь а. Церан берашна массо а ханна дагаоьху шаьш кечйина йолу сагІа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина болу шайн дечиган бІогІамаш а. Ма „хаза“ дІахІиттийна бу уьш баьццарчу дитташна уллохь а, лекхачу гунаш тІехь а, «И де тІекхаьчна, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Аса Исраилан а, ЯхІудан а халкъийн кочара дукъ дохор ду, Аса шун буржалш а дІадохур ду. Кхечу къаьмнаша Сан къоме шайна кхин гІуллакх дойтур дац. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла, хІаллакбина болу уьш шайн цІушна юкъахь а, шайн сагІа доккхучу меттигашна гонах а, иштта дерриг а гунашна тІехь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а, хІора тІехь гІа долчу дитта кІел а, иштта шен гаьннаш дІаса дахийтинчу ножан диттана кІел а – шаьш хаза хьожа йогІу хІуманаш цІушна лерина ягийначу массо а меттехь – шаьш Іохкучу хенахь.
Выбор основного перевода