Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іесачун кІорггера даг чуьра аьрхалла йистхуьлу цуьнга. Цуьнан бІаьргаш чохь Делах кхерар дац. Церан яххьаша гойту уьш бехке хилар, шайн къинах лаьцна цара, ца лечкъош, седамхоша санна, дуьйцу. Къа ду церан! Шаьш шайна бохам бо цара. Везачу Эло боху: «Со волчу юхадерза, Сох дІадирзинарш! Сайх дІакъастаран цамгарх Аса дарба дийр ду шуна. Ала Соьга: „Тхо Хьо волчу дІадогІу, Хьо тхан Веза Дела волу дела. Цундела хьуьнхара лом царна тІе кхетар ду, аренгарчу барзо а уьш цоьстур бу, цІоькъаберг а церан гІаланашна уллохь кІелхуур ю, царах араваьлларг ватІорхьама, цара лелийна зуламаш совдовларна а, церан тешнабехк хилар доккха хиларна а». Тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла дахь а, ва Веза Эла, Хьайн цІеран дуьхьа гІо дехьа тхуна. Тхан ямарта хилар дукхазза а хилла. Хьуна дуьхьал къинош летийна оха. Исраилан халкъан куралло цунна дуьхьал тоьшалла до. Исраилан халкъ (цунах иштта Эпрайман халкъ а олу) галдер ду, цо харцонаш лелорна. ЯхІудан халкъ а дужур ду цаьрца цхьаьна. Сан халкъ тешнабехк барна тІедирзина. Веза Воккхачуьнга шаьш кхойкхуш белахь а, Иза баккъалла а ваз ца во цара.
Выбор основного перевода