Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Хьоьгара ду дахаран хьоста. Хьоьца йолчу серлонгахь серло го тхуна. Хьолахоша шайн ялхой хи дан бохуьйту. Уьш гІунаш тІе бахча, царна хи ца карадо. Яьссачу кхабанашца уьш юхабоьрзу. Дог а доьхна, юьхьІаьржачу а хІиттина, цара шайн кортош къайладоху. Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю. Хьо витинарш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Хьох дІабевллачеран цІераш эхарте дІаязйина ю, хІунда аьлча шайна цІеначу хин хьоста хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина. Іийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара». ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дІахІуттур ду». Делах лаьцна долу бакъдерг харцдолчух а хийцина, Дала кхоьллинчу хІуманашна Іибадат дора цара, шаьш Кхоьллинчунна Іибадат даран метта. Ткъа Цунна даим бу хастам, амин! Хи доцучу хьостанех а, мохо лаьхкина юьгучу марханех а тера бу харцхьехамчаш. Іаьржачу боданехь меттиг ю царна кечйина.
Выбор основного перевода