Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо аьлла: «Хьо кхин йоккхайийр яц, сийсазъяьккхина йоІстаг санна йолу ЦІадан-гІала! Хьала а гІовттий, Хитам-махка гІо, гІалин бахархой! Амма цигахь а синтем хир бац шуна». Цундела иштта боху Везачу Эло: «Кхечу халкъашна юкъахь хаттал, цкъа а хезний царна кхунах тера долу хІума дуьйцуш? Инзаре ирча хІума дина йоІстаг санна долчу Исраилан халкъо. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара эшийначу Къедаран тукхамах а, Хьацоран пачхьалкхех а лаьцна Везачу Эло боху: «Къедаран тІаьхьенна тІамца тІегІорта, хІаллакдай, дІадаккха малхбалехьара долу халкъ.
Выбор основного перевода