Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тІехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хІокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХІара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хІуманна тІехь эшам ловш дацара. «Везачу Элан цІийнан ков долчу дІа а хІоттий, хІара хаам дІакхайкхабе: „ЛадогІа Везачу Элера долчу дешнашка. ХІокху кевнна чухула а бовлуш, Везачу Элана суждане оьхуш долчу ЯхІудан халкъан массара а ладогІа. Везачу Эло соьга элира: «Дерриг а хІара Сан дешнаш ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а дІакхайкхаде: „Аса шуьца бинчу бертан тІедожоршка ла а догІа, уьш кхочуш а де. Юха, тІехволучу хенахь Суна гира хьо – хьо безамна кийча яра. Ас Сайн бедарш тІеозийра хьуна тІехула, хьан ерзина хилар дІа а хьулдеш. Ас чІагІо йира хьан хила, иштта Ас хьоьца барт а бира. ТІаккха хьо Сан хилира’“. Иштта элира Хьалдолчу Эло. Ахьа, хьо къона хилла хан дага а ца йогІуш, айхьа мел динчуьнца Со оьгІазъэхийтина дела, массо а хьан леларна догІу таІзар дийр ду Ас хьуна. Айхьа мел лелийна дегаза гІуллакхашна тІе кхахьпалла хІунда туьйхира ахь?» Иштта боху Хьалдолчу Эло. Амма Суна дагахь лаьттар бу хьо къона йолчу хенахь Ас хьоьца бина болу барт. Ас хьоьца массо а ханна лерина болу керла барт бийр бу. Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тІехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаІал-ПаІорна тІебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цІу санна, маьттаза бевлира уьш. Делахь а, шуна дуьхьалдаккха хІума ду Сан: аша шайн дуьххьарлера безам дІатесна.
Выбор основного перевода