Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Іекхран-гІалина тІекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаІанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогІу пІелаштамхойн пхеа урхалчин гІаланаш: Іази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Іекхран а. Іаваймхойн къомана тІехь а толам баккха безаш бу. Везачу Эло соьга элира: «Поппаран йоккха экъа схьа а эций, йозанан гІирсаца къаьсташ дІаязде цу тІехь: „МахІир-Шалал-Хьаш-Баз“». Шихьор-хин уллора кІа а, Нил-хин уллора ялта а дукхачу хишна тІехула цу гІали чу дахьара, са яккхархьама. Цу гІаланах къаьмнашна йохкаэцаран базар хилира. «Къа ду аьрхачу нехан, – боху Везачу Эло. – Цара Іалашонаш хІиттайо, амма уьш Сайнаш яц, харцделанашна чагІаран сагІанаш дахарца цара берташ бо, амма уьш Сан Синера бац, цхьана къинна тІе кхиниг а тухуш. Сох дага а ца бовлуш, Мисар-махка боьлху уьш, пирІуне гІо дехархьама а, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъархьама а. ХІунда лела хьо хьайн некъаш хуьйцуш? Мисар-махкаца барт а беш, хьо юьхьІаьржачу хІуттур ду, Ашур-махко ма-хІоттора. «Исраилан къам, лоьмех дедда долу жа санна ду, массо а маьІІехула дІасадаьржина долу. Цкъа-делахь, Ашур-махкарчу паччахьо иза дІакхаьллина, тІаьхьара Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цуьнан даьІахкаш аьтта». Эпраймана шен цамгар схьахиъначу хенахь а, ЯхІудана шена хилла чов дІагиначу хенахь а, Эпрайман халкъ Ашурехьа а дирзина, сийлахьчу паччахьна тІе дехаре дахийтира. Амма цуьнга шу цамгарх толур дац, шун чевнна дарба а далур дац. Эпрайман халкъ кхокханах тарделла, иза сонта а, кхетам боцуш а ма ду! Цуьнан халкъо Мисар-махке гІо доьху, Ашур-махка гІо деха а доьду иза.
Выбор основного перевода