Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш цІена бехаш бу моьтту нах а хуьлу, ма-дарра аьлча, шайн боьхучух уьш цІан ца бинехь а. Бен-ХІинам-тогІи чохь йолчу Тупатахь цара сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а дагорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тІекхочур ю цхьа зама, адамаша хІокху меттиган Тупат, я Бен-ХІинам-тогІи аьлла, цІе йоккхур йоцу. Кху меттиган цІе Байаран ТогІи аьлла хир ю, хІунда аьлча шайн байина болу нах цара кхузахь дІабухкур бу, кхузара меттиг чекхъяллалц. Уьш, шайн аьрхачу деган некъ а лехна, БаІал-харцделанашна тІаьхьахІиттира, шайн дайша шайна ма-хьеххара». Бен-ХІинам-тогІи чохь цара БаІална лерина сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а Мулка-харцдалла сагІина дІабалархьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Иза бахьана долуш цара ЯхІудан халкъе къа латадайтира».
Выбор основного перевода