Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара шайн сийлалла йолу Дела хийцира буц Іуьйшуш лаьттачу стеран суьртах. церан цІу-деланаш цІерга а кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тІулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хІаллакдан тарлора. Йиш юй адамийн шайна деланаш кхолла? Уьш куьйга дина суьрташ ма ду, церан деланаш хила йиш а ма яц!» Массо а халкъаш шайн деланийн дуьхьа лелаш ду. Ткъа вай вешан Дела волчу Везачу Элан дуьхьа лелар ду абаденналц. Цкъа а лийр воцучу Делан сийлалла цара хийцира цІушна Іамалъярх. И цІуш лийр долчу адамийн а, хьозанийн а, дийнатийн а, текхаргийн а куьцехь бара. ХІетахь, Дела шайна ца вевза дела, шу баккъалла а деланаш боцучеран долахь дара.
Выбор основного перевода