Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦоІан-гІалара баьччанаш хьерабевлла, Нуп-гІалара баьччанаш Іехабелла, иштта тайпанийн тхьамданаша Мисар шен новкъах тилийна, уьш сонехь болу чІогІа тІулг санна хила безнехь а. Церан баьччанаш а, векалш а мисархойн ЦоІан-гІалина а, Хьанас-гІалина а тІекхаччалц белахь а, Цу наха Везачу Элера болчу хааме ла ца дуьйгІира, уьш Мисар-махкахь йолчу Тахьпанхьас-гІала дІабахара. Тахьпанхьас-гІалахь Ярми-ЯхІуга хІара хаам кхечира Везачу Элера: «Масех боккха тІулг а лахий, Тахьпанхьас-гІаларчу пирІунан цІенна чу воьдучу меттигна хьалха йолчу майданан поппар буха дІадохка уьш, берриг а яхІудхочунна гуччохь. Мисар-махкахь Іаш болчу яхІудхошка дІаала беза хаам кхечира Ярми-ЯхІуга Везачу Элера. Уьш Мигдол-гІалахь а, Тахьпанхьас-гІалахь а, Нуп-гІалахь а, мехкан къилберачу декъахь а баха хевшинера. ХІара бу и хаам: Хьешбон-гІалин пенийн ІиндагІехь бевдда боьлхурш гІо доцуш лаьтта, хІунда аьлча Хьешбонера цІе елира, ткъа Сихьон-паччахьан гІалара алу марсаяьккхира. Цу цІеро муабахойн бІаьштигаш ягайо, оцу гІовгІа ечеран туьтанех цІе летира.
Выбор основного перевода