Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа шаьш дуьнен чу даьхна Тарх йицйира цара. Шаьш кхоьллина волу Дела дага ца вогІура царна. Цара шаьш кІелхьардаьхна волу Дела вицвинера, Мисар-махкахь тамашийна хІуманаш дина волу, Иштта хир ду шуна шайн кІелхьардовларан Дела вицваларна, Дела шун дІалечкъийла йолу тарх хилар шуна дага ца дарна. Мелхо а, самукъадаккхаран бошмаш а кхиийна, хийрачу таьлланга тІера маргІалш доьгІна аша. Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а. Ерзинчу лакхенашкара схьахезаш белхар ду: Исраилан халкъо шайн цІушка орца доккху, шайн Дела волу Веза Эла виц а вина, шаьш шайн некъаш талхор бахьана долуш. Цкъа а Ливанун-лаьмнийн басенийн тархех ло къайладолий те? Цкъа а соций те генарчу оцу лаьмнашкара охьаоьхуш долу шийла хиш? Сайн эмгаралла Ас хьуна дуьхьал йоккхур ю, уьш, оьгІаз а бахана, хьуна дуьхьал бевр бу, цара хьан мара а, лергаш а дохур ду, ткъа хьох тІаьхьадиснарг туьро хІаллакдийр ду. Цул тІаьхьа цара хьоьгара кІентий а, зудабераш а схьадохур ду, ткъа диснарг цІарца дагор ду. «Исраилан халкъо паччахьан гІишлош дІахІиттийна, ткъа ша ДІахІоттийнарг цо виц ма вина. Амма Аса церан гІаланех цІе тосур ю, ткъа оцу цІеро церан паччахьан гІишлош дІакхоллур ю».
Выбор основного перевода