Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло халкъе эр ду: „Мичахь бу деланаш, царах тешна шу Іийна йолу тарх, аша сагІина деанчух мохь йиина болу, сагІина деанчух чагІар мийлина болу? Шайна гІо дайта хьалагІовттийта уьш, хилийта царах шайна тхов кІело! Даха а гІой, шаьш хаьржинчу деланашка гІо деха. Цаьрга дахийта шаьш хьоьгучу баланах кІелхьара». Везачу Эло боху: «Вовшах а кхетий, тІедуьйла, халкъашна юкъара дийна дисинарш. Сонта бу, дечигах вина шайн цІу а лелош, шаьш кІелхьардахалур доцучу деланашка доІанаш деш берш. Хьайн гІаланаш мел ю, деланаш а бу хьан, ЯхІудан халкъ, ткъа Ярушалаймехь хьан урамаш мел ду, дегаза харцдела волчу оцу БаІална сагІа доккху меттигаш кечйина ахь“.
Выбор основного перевода