Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шуьга элира: „Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра Ас шу. Шуна тІера бедарш тиш ца елира, шун когара мачаш а тиш ца елира. Кхин деланаш бахьана долуш Иза карзахваьккхира цара, шайн дегазчу цІушца Иза оьгІазвахийтира цара. Амма хьо хьайгара баьллачу бехкана къера хила деза, Исраилан халкъ, хІунда аьлча хьо хьайн Везачу Далла дуьхьал долура, хІора луьстачу диттана бухахь кхечу къаьмнийн цІушна суждане оьхура, ткъа Аса аьллачуьнга ахьа ла ца дугІура“». Иштта боху Везачу Эло. ХІара боху Везачу Эло оцу халкъах лаьцна: «Цу нахана дукхадеза Сох къехкар, шайн когаш ца сацало цаьрга. Цундела Аса уьш тІе ца оьцу. Цара летийна къинош Суна дагахь лаьттар ду. Цара летийначу зуламашна Аса царна таІзар дийр ду». Амма халкъо эр ду: „Цу хІумане са а ма тийса. Оха тхайна луъург дийр ду. ХІора стага шен вочу, аьрхачу даго боххург дийр ду“».
Выбор основного перевода