7
Цуьнан, ХІадаси цІе а йолуш, ден вешин йоІ хилла. ЙоІан я да а, я нана а ца хилла, цундела иза Мардахайс дола деш лелош хилла. ХІадасин дай-наний кхелхинчул тІаьхьа, цо шен йоІ санна лелош хилла иза. ХІадасин, Эсират аьлла, кхин а цхьа цІе йоккхуш хилла. Цуьнан юьхь-сибат а, дегІ а чІогІа хаза а, куц долуш а дара.