Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна кхидІа а хІунда таІзар дан деза? Шу кхидІа а хІунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гІелделла ду. Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу! Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра. Ахьа царна таІзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира. Цара шайн яххьаш тІулгал а чІогІа чІагІйина, Хьуна тІедерза царна ма ца лаьара. (ХІокху гІалина а, махкана а дуьхьал Везачу Элан цІарах, Ярми-ЯхІус ма-аллара, Делера болу хаамаш беш кхин цхьа стаг вара. Иза Кхиръят-ЯІариман вахархо волу ШамІа-ЯхІун кІант УръяхІу вара. ЯхІу-Якхамна а, цуьнан мел болчу тІеман хьаькамашна а, цуьнан тхьамданашна а оцу пайхамаран дешнаш дІахезча, паччахьна иза вейта лиира. И хІума шена хиъча, УръяхІу, кхера а велла, ведда Мисар-махка дІавахара. Амма ЯхІу-Якхам-паччахьо, Мисар-махка Іахбаран кІант Эли-Ната а, цуьнца кхин а нах а бахийтина, цигара УръяхІу схьавалавайтира. ТІаккха ЯхІу-Якхам-паччахьо, иза тур тоьхна вен а вейтина, цуьнан дакъа къечу нехан кешнаш долчохь охьакхоссийтира.) Амма Шапанин кІант Ахьикхам Ярми-ЯхІуна тІехІоьттира, цундела иза халкъан кара дІа ца велира, цаьрга ца вейтархьама. Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса а, пайхамарш а яхІудхоша байинера. Тхо а дІалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагІий хилла царах.
Выбор основного перевода