Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш дІабирзира Везачу Элан парзех а, церан дайшца Цо бинчу бартах а. Цара ла ца дуьйгІира Везачу Эло шайга, дІахьедар а деш, аьллачуьнга. Цара цІу-деланашна Іибадат дора, уьш хІумма а йоцург боллушехь, цу тайпана шаьш а хІумма а боцурш а хилла. Шайна гонах долу къаьмнаш санна бехаш бара исраилхой, Везачу Эло шайга, весет а деш, аьлла доллушехь: «Ма делаш цара дийриг». Айса динчул сов Аса Сайн кемсийн бешана дан дисинарг кхин хІун дара? Со дикачу кемсашка сатуьйсуш Іаш хилча, муьста кемсаш хІунда елла цо? ЛадогІахь гІо доьхуш долчу сан къоме. Цо боху: «Цийонехь Веза Эла кхин вац те? Цигахь цуьнан Паччахь кхин вац те?» Амма Везачу Эло боху: «ХІунда вахийтина те цара Со оьгІаза, шайн хІумма а йоцу харцделанаш а, цІуш а бахьана долуш?» Сан халкъана-м Со вицвелла. Эрначу цІушна сагІанаш доху цара. Цундела когаш тийсалуш лелаш бу уьш шаьш дІакхоьхьуш долчу некъаш тІехь. Шайн дайн ширачу некъаш тІера дІабевлла уьш, нийса доцучу паначу некъаш тІе бовлархьама. «Сан халкъ! ХІун вон динера Ас хьуна? ХІун гІело йинера Ас хьуна? Схьадийцал Соьга. Ас, Мисар-махкара ара а даьккхина, лоллин цІийнера мехах паргІатдаьккхира хьо. Ас хьуна хьалхабевлла бахийтира Муса а, АхІарон а, Марем а.
Выбор основного перевода