Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас иза дийр ду, Исраилан а, ЯхІудан а халкъаша мел лелийна вонаш бахьана долуш. Цара а, церан паччахьаша а, баьччанаша а, динан дайша а, пайхамарша а, иштта ЯхІудан халкъо а, Ярушалайман бахархоша а и массо а вон гІуллакхаш леладора. Хьо Исраилан къомах доьлуш дара, Муабин къам? Иза къола деш лаьцна дара, цуьнан цІе йоккхушехь, дела а доьлуш, корта лесттол? Хьан хазалла бахьана долуш куралла йоьссина хьан даг тІе, хьайн дозалла бахьана долуш хьекъалалла а хІаллакдина ахьа. И хІума бахьана долуш Ас хьо лаьттах тоьхна, паччахьашна хьалха хьо юьхьІаьржачу хІоттийна Ас. Ва Веза Эла! Тхан паччахьаш а, элий а, дай а юьхьІаьржачу хІиттина бу, оха Хьуна хьалха къинош летийна дела.
Выбор основного перевода