45
ХІунда аьлча и тІулг, хьуна ма-гарра, лам тІера дІакъастийра, амма иза адаман куьйго дина дацара. Ткъа оцу тІулго, цу суьртана тІе а керчина, эчиг а, цІаста а, поппар а, дети а, деши а аьтта дІадаьккхира. Сийлахь Воккхачу Дала хаам бина паччахьна хиндолчух лаьцна. И гІан а бакъ ду, иштта нийса ду цуьнан маьІна а».