Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІума лачкъо чуваьлла къу цхьаммо вийнехь, къуьнан цІий вийначунна тІехь хир дац, Иштта, Маннаша яхІудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цІий а Іанош, Ярушалайм-гІала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цІийх юьзира. Цара бехк боцу цІий Іанадора, шайн кІентийн а, йоІарийн а цІий, уьш канаІанхойн цІушна сагІина дІа а луш. Церан цІий бахьана долуш латта бехдира цара. Цара Со а витина, хІара хийра меттиг яр бахьана долуш хир ду и хІума. Шайна а, шайн дайшна а, иштта яхІудхойн паччахьашна а бевзаш боцучу харцделанашна цара сагІанаш дохура. ХІара меттиг бехк боцучеран цІийца юьзира цара.
Выбор основного перевода