Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дІа а тесна, Цунна и халкъ яьссачу аренгахь карийнера, гІийлачу а, мох хьоькхучу а аренгахь. Цо иза лардора, хьоьжура цуьнга, Шен йоІбІаьрг санна, Іалаш а дора. Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ ТІаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тІаьхьа а бевлла, царна Іамал а еш, Іибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тІе и берриг бохам“». «И бохам шуна тІебеъна аша мел лелийнарг бахьана долуш. Аша лелийна болу харцнекъаш бахьана долуш беана шуьга хІара къаьхьа бала. И бала чІогІа шун дагах а кхетар бу». «Аса хІаллакдийр ду хьо, Исраилан халкъ. ТІаккха хьан гІо дийр ду хьуна?
Выбор основного перевода