Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь Ахьаз-паччахьо Ашур-мехкан паччахьна тІе геланчаш бахийтира, шена гІо доьхуш, Ашурхойн паччахь ТилгІат-Пилнасар веара Ахьаз волчу, амма шегара гІо хиларан метта, бале велира иза цунна. ХІунда аьлча Ахьаза Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІа чуьра а, элашкара а еза хІуманаш, схьа а эцна, ашурхойн паччахье дІаелира, амма и шадерг гІоьнна ца хилира цунна. Амма пирІуно деш долу гІо эхье хир ду шуна, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъар а сий дайаре доьрзур ду. Мисар-махка а даьхкина, Нил чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? Ашур-махка а даьхкина, Эпрат чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? Муха эр ду: „Со бех ца вира аса. Со БаІал-деланийн лорах ца лелла“? ТогІи чохь хьо леларе хьажал, айхьа лелийначух дикка кхетал! Хьо, аьрха стен эмкал санна, хьайн некъаш дІакхоьхьуш яра. Дукха лелар дуй хьо дІасауьдуш, тешаме йоцу йоІ санна долу халкъ? Везачу Эло дуьнен чохь керланиг кхуллу: зудчо шен майра кІелхьарвоккхур ву. Эпрайман халкъ мох бажош ду, дерриг а дийнахь малхбалерчу махана тІаьхьадолу иза. Ша лело харцонаш а, бохамаш а алсамбоху цо. Ашур-махкаца барт а бо цо, Мисар-махка зайтдаьтта дохьуьйту цо».
Выбор основного перевода