Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дІахаийта». ЦІеначу деших экъа е. Цу тІехь, мухІар тІехь санна, язде: „Везачу Элана къобалдинарг“. ЯхІудан халкъ Везачу Элан деза къам хилла дІахІоьттира, Исраилан халкъ Везачу Элан долахь дерг хилла дІахІоьттира. Везачу Эло иштта боху: «Аса дуьйцур ду хьуна исраилхойн лулахошна Айса ден дерг. И нах чІогІа вон нах бу, уьш Аса исраилхошна делла долчу латтанашна тІелетта. Аса уьш шайн мехкашкара аракхуьссур бу, царна юккъера ЯхІудан тІаьхье схьайоккхур ю. Хьо мел дІакхоллурш шаьш дІакхаьллина хир бу. Хьан мел болу мостагІий шаьш хир бу йийсарехь. Хьох хІонс мел йоккхурш шаьш хІонс хилла дІахІуьттур бу. Хьуна талор мел дийраш Аса талорхошка дІалур бу. Сан халкъана дуьхьал мел кхеттарг, царна вонаш деш вара. Церан мостагІаша бохура: „Тхо бехке дац, хІунда аьлча цара Везачу Элана дуьхьал къинош летийна. Веза Эла церан бакъйолу Іаш йолу меттиг ю, ткъа Цунах церан дай тешна Іаш бара“. Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме хилийта.
Выбор основного перевода