Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГадІана царна жоп делира: «Ас лелийнарг аша лелийначуьнца муха дустур ду? Абу-Іезаран тІаьхьено хьалха диначул а, эпраймхоша тІаьхьо кхочушдинарг деза ма ду! Эпраймхой, вовшах а кхетта, Цапун-гІала дехьабевлира. Цара Яптахье элира: «Хьо Іамминхошца тІом бан воьдучу хенахь тхо хІунда ца дигира ахьа хьайца? Оха хьан цІа хьоьца цхьаьна дагор ду». Исраилхой тІом болчу меттера юхабевлча, бен-яманхоша ткъе итт стаг вийра. Цара бохура: «Юха а, хьалха санна, тхуна хьалхахь охьаоьгуш бу уьш». Бен-Яманан тІаьхьенах а болуш, карахь секхаІедаш а долуш, аьтту я аьрру куьйга ширдолаг лелош я пхерчий кхуьссуш болу Шаулан гергарнаш бара уьш): Даудан тІаьхьенах волчу Ахьаз-паччахье хаам кхечира, арамхой эпраймхошца цхьаьнакхетта аьлла. И кхаъ хезча, паччахь а, цуьнан нах а кхерабелира, мохо ластийна хьуьнхара дитташ санна, бегийра уьш. Эпрайман халкъ кхокханах тарделла, иза сонта а, кхетам боцуш а ма ду! Цуьнан халкъо Мисар-махке гІо доьху, Ашур-махка гІо деха а доьду иза.
Выбор основного перевода