Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Якъуба элира: «Хьуна гуш ду бераш гІелделла хилар, цул сов, уьстагІий а, хьелий а къона а, оза дезаш а ду сан. Нагахь цхьана дийнахь а лаьллина дигахь, даьхни хІаллакьхир ду. Шаул тхуна тІехь паччахьалла деш волчу хенахь а, ахьа Исраилан халкъ тІам тІе а дигна, цигара юха а далийна. Везачу Эло хьоьга элира: „Хьо Сан Исраилан халкъана тІехь жаІу хир ву, цуьнан баьчча а хир ву“». Ткъа хІинца, ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагІий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хІоттийна. ДІаяханчу хенахь, Шаул паччахь волуш дуьйна а, тІамехь исраилхой кІелхьарбохура ахьа. Хьан Везачу Дала элира хьоьга: „Дауд, хьо хир ву Сан Исраилан халкъан Іу. Хьо хир ву Сан Исраилан халкъан баьчча“». «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу гІаланашна юкъахь уггаре а кІезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера». Цундела Везачу Эло Исраилан халкъ церан мостагІийн кара дІалур ду, берах йолчо бер даллалц а, халкъах къаьстина вежарий исраилхойх дІакхетталц йолчу ханна. ТІаккха Цо, хьала а гІаьттина, Везачу Элан ницкъаца а, Шен Везачу Делан цІеран сийлаллица а и халкъаш дажор ду. Уьш кхерам боцуш дехар ду, хІунда аьлча Иза оцу хенахь дуьненан йистошка дІакхаччалц сийлахь хир ву.
Выбор основного перевода