Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг Мисар-махкана тІехула дІалаца, кху махка тІе цІоз а летта, арара буц а, къора тоьхча диснарг дерриг а дІадуийла цо». Мусас шен Іаса Мисар-махкана тІехула дІалецира. Везачу Эло кху лаьтта тІе баийтира малхбалера мох, иза цу дийнахь, буса а хьийкхира. Іуьйре тІееача, малхбалерчу мохо цІоз деара. Инзаре дукха цІоз тІелетира берриг а Мисар-махкана. Хьалха а ца хиллера Мисарахь сел дукха цІоз я тІаьхьа а хир дац. Цо, къайла а доккхуш, дерриг а латта дІалаьцнера. Къора тоьхча дисина долу лаьттара дерриг ялта а, дитташ тІера стоьмаш а дІабиира цІазо. Берриг а Мисар-махкахь я дитташ тІехь а, я арарчу баца тІехь а соьналлех хІума ца дисира. Мусай, АхІаронний сихонца тІе а кхайкхина, пирІуно элира: «Шун Везачу Далла а, шуна а хьалха къа латийна ас. Кхин цкъа а гечдейша суна. Шайн Везачу Деле доІа дейша, со хІокху Іожаллех кІелхьарваккха алий». ПирІун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле доІа дира Мусас. Малхбузехьара дуьхьал чІогІа мох хьакхийтира Везачу Эло. Цу мохо дадийна цІоз Эрзан хІорда чу кхоьссира. Берриг а Мисар-махкахь цхьа а цІоз а ца дисира. Амма Везачу Эло дог чІагІдина волчу пирІуно Исраилан халкъ юха а дІа ца дахийтира. Юха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала кховдаде, тІаккха берриг а Мисар-махкахь буькъа бода хІуттур бу». Мусас шен куьг стигала кховдийча, Мисарахь кхаа дийнахь буькъа бода хІоьттира. Вовшийн ган а ца гуш, шаьш Іачуьра хьала а ца гІовттуш кхо де даьккхира наха, ткъа исраилхойн цІенош долчохь серло яра. Мусага тІе а кхайкхина, пирІуно элира: «Даха а гІой, Везачу Элана Іибадат де. Шайн бераш а дига шайца, амма кегий а, даккхий а даьхни ца дуьгуш, бухахь дита». Амма Мусас элира: «Ахь-айхьа яла еза тхуна бакъо тхайн Везачу Далла сагІа даккха.
Выбор основного перевода