Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн бераша хаттахь: „Иза хІунда деш ду?“ – аьлла, аша эр ду: „Иза Везачу Элана лерина Пасахьан сагІа ду. Мисар-махкахь вай долчу хенахь исраилхойн цІеношна уллохула тІех а ваьлла, мисархошна таІзар дира Цо, ткъа вайн цІенош Іалашдира“». ТІаккха Везачу Элана хьалха охьатаьІира халкъ Цуьнга болчу ларамна. Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бІаьргашна гина гІуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дІа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дІадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а. И тІулгаш шайна билгалонна дита. ТІейогІучу хенахь шун бераша хоттур ду шуьга: „Стенна Іалашдо аш и тІулгаш?“ – аьлла. Аш жоп лур ду царна: „Везачу Элаца бинчу бертан тІорказна хьалха Йордан-хи декъадалар дагахьлатторхьама Іалашдо. ТІорказ дехьадоккхучу хенахь Йордан-хи, декъа а делла, сецира. ТІейогІу йолчу хенахь исраилхошна и хІума дагахь латтор ду цу тІулгаша“». Хинйолу тІаьхье Цунна Іамал еш хир ю. Ткъа цара шайн берашка Везачу Элах лаьцна дуьйцур ду. Дела! Жима волуш дуьйна Ахь нийсачу новкъа ваьккхина со, Хьан тамашийначу хІуманех лаьцна хІинццалц схьадуьйцу ас.
Выбор основного перевода