Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара, дІа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Іинна юххехь йолчу Рахьуб-гІалина тІекхаччалц и мохк теллира. Царна дицделлера Мисар-махкахь Цо шайна Іаламаташ дар, иштта ЦоІан-кІоштахь царна тамашийна гІуллакхаш гайтар. ЦоІан-гІалара баьччанаш хьерабевлла. ПирІунан хьекъалечу хьехамчаша сонта хьехамаш бо. Аша муха эр ду пирІуне: «Со хьекъалечу стеган а, ширачу паччахьийн а кІант ву»? ЦоІан-гІалара баьччанаш хьерабевлла, Нуп-гІалара баьччанаш Іехабелла, иштта тайпанийн тхьамданаша Мисар шен новкъах тилийна, уьш сонехь болу чІогІа тІулг санна хила безнехь а. Ас ПатІрус-кІошт яссор ю, ЦоІан-гІалина тІе цІе хьажор ю, ткъа Ну-гІалина кхел йийр ю.
Выбор основного перевода