Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадирзина диъ бІе дезткъа шо даьлча, Везачу Элан цІа дан долийра Сулим-паччахьо. Иза дара Сулим Исраил-мехкан паччахь хІоьттина доьалгІа шо долуш, Зив олучу шеран шолгІачу баттахь. Сулим-паччахьо Везачу Элан цІе язъян дечу цІийнан дахалла кхузткъа дол, шоралла ткъа дол, лакхалла ткъе итт дол барам бара. ЦІенна хьалха йина уче яра. Иза цІийнан дохалле а, шоралле а терра ткъа дол еха а, итт дол шуьйра а яра. ЦІенна чохь кораш динера, уьш, чекх са а гуш, шу а болуш, къевлина дара. ЦІенна тІехиттина гІишлош йира. Чухулара езачу чоьнна гонах а йолуш, агІонаш тІехь гобаьккхина яра оцу гІишлойн чоьнаш. ГІишлойн тІехиттина чоьнаш лакхалла тІекІелйина яра, кхо гІат а долуш. Хьалхарчу гІатан шоралла пхи дол, шолгІачу гІатан ялх дол, ткъа кхоалгІачу гІатан шоралла ворхІ дол бара. Цу тІе хоьттина йолчу гІишлона тІедехкина долу тІеш Везачу Элан цІийнан оганна чу ца диссийнера. И тІеш оцу тІехоьттиначу оганийн терхина тІедехкинера. Везачу Элан цІа дечу хенахь, тІулгаш, лаьттах шаьш схьадохучу меттехь кеч а дой, схьадахьара. Белхалоша я жІов етташ, я диг тухуш, я кхин долу эчиг вовшахдетташ татанаш ца дора и цІа дечу меттигна уллохь. Юккъерачу гІат тІе воьдийла цІийнан аьтту агІор дара. Цу чу воьдуш, горга а долуш, тІегІанаш дара, ткъа оцу чуьра тІехуларчу кхоалгІачу гІат тІе а цу тайппана долчу тІегІанашна тІехула волура. Цу тайппана, дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цІа. ЦІенна тІехь баганан диттийн ханнех тхов байтира Сулим-паччахьо. ЦІийнан лакхарчу агІонашна тІе хиттиначу чоьнийн лакхалла пхи дол яра. И чоьнаш цІенна тІехиттинера баганан диттийн ханнашца. ТІаккха Везачу Элан дош кхечира Сулим-паччахье: «Иштта, Сан цІа деш ву хьо. Нагахь хьо Сан хьехамашца а лелаш, Ас билгалдаьккхинарг а деш, Сан весеташ кхочуш а деш лелахь, Ас кхочушдийр ду Айса хьан дега, Дауде, делла ваІда. Со хир ву Сайн исраилхошна юкъахь. Ас дуьтур дац Сайн долахь долу Исраилан халкъ». Цу тайпана, дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цІа. ЦІенна чухула долчу пенашна тІе лаьттара дуьйна тхов тІе кхаччалц баганан диттийн аннаш туьйхира, ткъа цІенкъа зоьзан диттийн аннаш туьйхира. ЦІийнан тІехьа агІор, йистера ткъа дол барамехь дІахилош, оганаш а хІиттийна, чоь йира, цуьнан пенех а, тхевнах а баганан диттийн ханнаш туьйхира. Иза уггар еза чоь яра. Оцу чоьнна хьалха агІор йолу чоь яхалла шовзткъа дол яра. Чухула агІор пенах тоьхначу аннашна тІехь гІабакхийн а, дІаделладеллачу зезагийн а куьцехь суьрташ дара дечигна тІехь аьгна дина. Массо а агІор баганан ханнаш тоьхнера, ткъа тІулг гуш а бацара. Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ чудиллархьама, йинера и уггар еза чухулара чоь. И уггар еза чухулара чоь яхалла а, шоралла а, лакхалла а ткъа дол яра. И чоь ерриг а цІеначу деших йира. Баганан ханнех бинчу сагІа доккхучу кхерчана а деши диллира. Иштта дерриг цІа а, чохь цІена деши а диллина, дІахІоттийра. Уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха зІенаш ехкира, царна тІе а деши диллира. Дерриг цІенна а, уггар езачу чухуларчу чоьнна а хьалха лаьтташ болчу сагІа доккхучу кхерчана а деши диллира. Уггар езачу чухуларчу чоьнна чохь зайт-диттийн дечигах дина шина каруб-маликан сурт дара. Церан лакхалла итт дол барамехь яра. Хьалхарчу каруб-маликан цхьа тІам а, шолгІаниг а пхиппа дол барамехь бара. Цхьана тІома тІера, вукху тІома тІе кхаччалц итт дол барам бара. Оццу барамехь а, куьцехь а дара шолгІачу каруб-маликан сурт а. Цхьана каруб-маликан суьртан лакхаллин барам итт дол бара, шолгІачун а изза барам бара. ЦІийнан чухула йинчу сийлаллин-езачу чохь дІахІиттийра оцу каруб-маликийн суьрташ. Церан тІемаш дІасадаьржина дара. Цхьаннан тІам цхьана пенах хьакхалора, ткъа вукхун тІам дуьхьал болчу пенах хьакхалора. Ткъа важа чухула долу тІемаш чоьнан юккъехь вовшех хьакхалора. Царна тІе а Сулим-паччахьо деши диллийтира. Оцу цІийнан дерриг а пенашна тІе, чухула а, тІехула а, гобаьккхина аьгначу тІамаршца цу тайпана каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, дІаделладеллачу вастехь долчу зезагийн а суьрташ дехкира. Шина цІа чуьра цІенкъа тІе а деши диллира. Уггар езачу чухуларчу чоьнна чу воллучохь йолу неІарш зайт-диттан дечигах йинера, церан пхи са болу гур бара. Оцу зайт-диттан дечигах йина йолу неІаран шина декъа тІехь а аьгна дина дара маликийн а, диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ. Оцу массо хІуманна а деши диллира. Иштта езачу чоьнна чу воллучохь а хІоттийнера зайт-диттан дечигах йина неІарш, ткъа церан гураш биъ са болуш бара. Кхин ши неІ яра зоьзан-диттан дечигах йина. Оцу шина неІаран шишша дакъа меттахдоккхуш дара. Царна тІехь а даьхна каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ дара. Оцу суьрташна тІе а цхьатерра аьгна деши диллира. ТІаккха чухулара керт дІахІоттийра. Иза хьаькхначу тІулгийн кхаа могІанах а, баганан диттийн ханнех бинчу цхьана могІанах а йинера. Сулим-паччахь шен дарже веанчу доьалгІачу шарахь Зив олучу шеран шолгІачу баттахь бух ботта болийнера Везачу Элан цІенна. Ткъа цхьайтталгІачу шеран Була олучу баттахь (иза шеран борхІалгІа бутт бу) Везачу Элан цІа дина чекхделира. Ша хила деззачу куьцехь дина дІахІоттийра иза. И цІа Сулим-паччахьо ворхІ шарахь дира.
Выбор основного перевода