Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Мисар-махкахь Везачу Эло тхо дайинехь гІолехь дара. Цигахь жижиган яйна уллохь Іара тхо, дуззалц даа бепиг а хуьлура. Аш тхо массо а хІокху яьссачу ара дайа далийна», – бохура цара. Исраилхошца болу тІебаьхкина нах шайн лаамаш гучубаха хІиттира. Цаьрца цхьаьна исраилхой а, резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелира: «Тхуна жижиг хьан лур ду? Далла а, Мусана а лен буьйлабелира уьш: «Кху яьссачу арахь далийта даьхна аша тхо Мисарара ара? Кхузахь я бепиг а, я хи а дац. Тхуна бІаьрга бан а ца беза и декъаза кхача». Сан мостагІашна а гуш, суна хьалха кхача биллина Ахь. Сан коьртах даьтта хьаькхна Ахь. Сан кад а тІех буьзна бу.
Выбор основного перевода