Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь хьо иза дІахеца реза ца хилахь, Ас хьан мохк пхьидех хьалабузур бу. Хи пхьидех сийсаш хир ду, уьш хьан цІа чу а, хьо дІавуьжучу метта а, хьан уллорачеран а, хьан халкъан а цІенош чу евр ю, хьан пешаш чу а, текхаш чу а евр ю. Хьуна а, хьан халкъана а, массо а хьан уллорачарна а тІехула лелар ю пхьидарчий“». Везачу Эло Мусага кхин а элира: «АхІароне дІаала, шен Іаса карахь йолу куьг хишна а, татолашна а, Іаьмнашна а тІехула лаца алий. ТІаккха берриг а Мисар-мохк пхьидех хьалабузур бу». АхІарона шен куьг Мисаран хиш тІехула лецира. Пхьидаша, хьала а евлла, берриг а Мисар-мохк дІалецира. Амма бозбунчаша а, шайн жиналла а лелийна, изза дира. Цара а пхьидарчий Мисар-мехкан лаьтта тІе ехира. ПирІуно, Мусага а, АхІароне а тІе а кхайкхина, элира: «Везачу Эле доІа де, со а, сан халкъ а долчуьра пхьидарчий дІаяха алий. ТІаккха ас Исраилан халкъ дІахоьцур ду, Везачу Элана сагІа даккхийтархьама». Мусас элира пирІуне: «Айхьа хан тоха суна, маца лаьа хьуна ас хьох а, хьан уллорачарах а, халкъах а доІа дан, пхьидарчий шун цІенош чуьра дІа а евлла, Нил-хи чохь бен ца йисийта?» ПирІуно элира: «Кхана». ТІаккха Мусас элира: «Ахь ма-аллара хир ду, тхан Веза Дела саннарг цхьа а воцийла хьуна хаийта. Хьо волчуьра а, хьан цІеношкара а, хьан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а пхьидарчий дІаевр ю. Уьш Нил-хи чохь бен юьсур яц». Муса а, АхІарон а пирІун волчуьра дІавахара. Мусас Везачу Эле доІа дира, пхьидарчий дІаяха аьлла. Везачу Эло жоп делира цуьнан доІанна. Пхьидарчий цІенош чохь а, уьйтІенашкахь а, арахь а елла Іохкура. Уьш оьланашка гулйира наха. Яхкалуш йолчу церан хьожано дІалецира берриг а мохк. Нагахь ахь Сан халкъ дІа ца хецахь, Ас хьуна а, хьан уллорачарна а, хьан халкъана тІе а, хьан цІенош чу а жІаьлийн мозий хоьцур ду. Мисархойн цІенош а, уьш тІехь Іаш болу латта а жІаьлийн мозех дузур ду. Сан халкъ тІехь Іаш долу ГІашан-мохк дІакъастор бу Ас, цигахь жІаьлийн мозий хир дац. ТІаккха хьуна хуур ду, Со, Веза Эла, кху махкахь вуйла. Ас Сайн а, хьан а халкъашна юкъахь башхо йийр ю. Кхана и тамашийна билгало кхочуш хир ю’“». Везачу Эло иштта дан а дира. ПирІунан а, цуьнан уллорачеран а цІеношка жІаьлийн мозий даьхкира. Цу мозаша хІаллакбеш бара берриг а мохк. Иза вистхуьллушехь, жІаьлийн мозий гучудевлира, массо а махкахула чуьркаш а яьржира.
Выбор основного перевода