Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду. Амма цара ла ца дугІура. Уьш а, шайн Везачу Делах тешар доцу шайн дай санна, аьрхабевллера. Церан дегнаш Цунна тІедирзина дацара, Цо бинчу бартана уьш тешаме бацара. Цо соьга элира: «Адаман кІант! Ас хьо Исраилан халкъ долчу вохуьйту. Цу аьрхачу халкъо Суна букъ берзийна. Таханлерчу денна тІекхаччалц уьш а, церан дай а, Суна дуьхьал а буьйлуш, лелаш бу. Со яьссачу аренгахь церан берашка вистхилира. Ас элира цаьрга: ‹Ма гІолаш шайн дайша дІакхехьначу некъашкахула, цара шайна тІедехкинарш кхочуш а ма делаш, ма бехделаш шаьш, церан цІушна тІе а товжий. Амма хІара халкъ чІогІа аьрха халкъ ду. Уьш, дІа а бирзина, дІабахара.
Выбор основного перевода