Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун цІенош тІехь долу цІий Суна билгало хир ю. ЦІий гича, Со шуна уллохула тІехвер ву. Ас Мисар-махкана таІзар дечу хенахь, шуна цхьа а зулам хир дац. Мисарна таІзар дан Веза Эла веача, Цунна шун неІарийн гурах а, дукъойх а хьаькхна цІий гур ду. Иза шун цІеношна уллохула тІехвер ву, Іожаллин малике Цо шу дойуьйтур дац. Хьайн возаллица Ахь эшийна Хьайна дуьхьалбевлларш. Хьайн оьгІазалла царна тІе а ерзийна, ча санна, багийна Ахь уьш. Ярушалаймана тІе шен куьг хьалаайира Малико, иза хІаллакьян дагахь, амма и бохам хилла дохковаьлла волчу Везачу Эло адам хІаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХІинца охьадахийта хьайн куьг». Везачу Элан малик цу хенахь явсайхо волчу Аравнин хьаьтта уллохь дара.
Выбор основного перевода