Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу сарахь исраилхой севцначу метте лекъарчий даьхкира, ткъа Іуьйранна церан меттаматтана гобаьккхина Іуьллуш тхи дара. Халкъе дІаала: „Шаьш Суна лерина хилийта цІена хила, хІунда аьлча кханалерчу дийнахь аша жижиг дуур ду. Везачу Элана хезна шу доьлхуш: ‘Тхуна жижиг хьан лур ду? Мисарахь тхо дика Іаш дара’, – бохуш, цундела Цо лур ду шуна даа жижиг. Аш иза цхьана дийнахь а, шина дийнахь а, кхаа а, итт а, ткъа дийнахь а диъна Іийр дац, амма цхьана баттахь дуур ду, иза сов а даьлла, мерІуьргашкахула схьадоладаллалц. Иза шуна хир ду шайна юкъахь волу Веза Эла аша ца ларарна а, шу Цунна: ‘Тхо Мисарара ара хІунда даьхна?’ – бохуш, делхарна а“». Везачу Эло хьакхийтинчу мохо хІорд болчу агІорхьара лекъарчий деара. Лаьтта тІехула локхаллина шина даларан барамехь догІу уьш исраилхойн меттамотт болчу а, цхьана дийнахь некъ бал цунна гонах йолчу аренга а охьахевшира. Цара яа хІума йийхира – Цо лекъаш делира царна, стигаларчу ялтица уьш Іаббалц буза а бира.
Выбор основного перевода