Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн Веза Дела зен ма гІерта, шаьш Массехь иза ма-дарра. ТІаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаІал-деланашна Іамал а еш. Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гІуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чІогІа оьгІазвахийтира. Шайна Иза вевззашехь, Дела зуьйш бара уьш, шайна безаш болу кхача а боьхуш. Яьссачу аренгахь хийлазза Иза оьгІазъоьхуьйтура цара, акхачу аренгахь хийла дог дохадора цара Цуьнан!
Выбор основного перевода