Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Шамъала Юшайга хаьттира: «Массо а кІентий кхузахь буй хьан?» Юшайс жоп делира: «Уггар жима кхин цхьаъ ву. Иза хІинца жа дажош ву». Шамъала Юшайга элира: «Цхьаъ вахийтий, иза схьавалавайта. Иза схьаваллалц, вай хІума яа охьаховшур дац». Юшайс кІант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бІаьрг а болуш, юьхь тІера чІогІа товш кІант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гІаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза». Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маІа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тІе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тІе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гІаьттина, Раме дІавахара. Ткъа хІинца, ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагІий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хІоттийна.
Выбор основного перевода