Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху, хІинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хІара Іаса Нил-хи тІе тухур ю, цу хих тІаккха цІий хир ду. Хи чуьра чІара а лийр бу, хих боьха хьожа а йогІур ю. Мисархошна дегаза хетар ду и хи мала’“». Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала АхІароне, шен Іаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тІехула а, Іаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тІехула лаца алий. Хих цІий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тІулган а пхьегІаш чохь хина метта цІий хир ду». Везачу Эло тІе-ма-диллара, гІуллакх кхочушдира Мусас а, АхІарона а. Шен Іаса хьала а айина, пирІунан а, цуьнан уллорачеран а бІаьргашна хьалха Нил-хи тІе туьйхира АхІарона. Дерриг а хих цІий хилира. Хи чуьра чІерий а делира, хи а телхира. Мисархошка иза мала ца лора. Берриг а Мисар-махкахь хинан метта цІий дара. Церан хийх цІий хилийтира Цо, церан чІерий хІаллак а хуьлуьйтуш.
Выбор основного перевода